ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь мел долу химин герз дуьненаюкъаралле дIадала деза боху Керри Джона


Британин Арахьарчу ГIуллакхийн министро ХIейг Вильяма дIахьедар дина, Асада шен Iедало химин герз ца лелийна бохуш дечу къамелах а тешна, цо йинчу кIелонна тIе нисъяла хьашт дац дуьненаюкъаралла, аьлла.

Хьалхуо Iамерко дIахьедар динера, Шемарчу химин герзанна урхалла деш жима го бен бац, аьлла. Iамеркан пачхьалкхо секретаро Керри Джона элира, цу юкъавошгIуш ша Асад Башар, цуьнан ваша Асад Махер, кхин цхьа инарла а ву. Керрина хетарехь, Шемахь мел долу химин герз дуьненаюкъаралле дIадала дезаш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG