ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьуссейн Мамнун дIахIоьттина Пакистанан президентан дарже


Хьуссейн Мамнун тахана официала кепара дIахIоьттина Пакистанан президентан дарже.

Исламабадехь дIаяьхьначу лерринчу церемонина куьйгалла дира Лаккхарчу Кхелан кхелахочо Чондри Ифтихара. Хьуссейнал хьалха Пакистанан президент лаьттинчу Зардари Асиф Iелас и дарж дитира, конституцино билгалдаьккхина пхио шо даьккхинчул тIаьхьа.

73 шо долу Хьуссейн хIокху аьхка Товбецан баттахь президент хаьржира Пакистанан парламенто. 1999-чу шарахь иза Синд провинцин губернатор лаьттина ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG