ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Корейн лидерна Ким Чен Ынна йоI йина. Цуьнан цIе Чу ю


И аьлла хаам бина, даханчу кIиранахь Къилбаседа Корейхь хиллачу Iамеркера баскетболах ловзархочо Родман Денниса.

Даханчу кIиран дийнахь Родмана Британерчу Гардиане дийцира, ша Къилбаседа Корейн лидерца хIурдан йистехь вуно дика хан а яьккхина, Iаьнан хьалхарчу ГIуран баттахь кхин цкъа а цига ваха дагахь а ву, аьлла.

CNN телевизионо дийцарехь, цу пачхьалкхан рогIера лидер зуда хила мега, цигахь мехкан лаккхара дарж доьзалехь дуьсуш хиларан гIиллакхца а догIуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG