ТIекхочийла долу линкаш

Сиха хаьхкина машен... Iожаллин куьг лаьцна йоьду


Оьрсийчоь - некъан бохамехь йоьхна машен

Оьрсийчоь - некъан бохамехь йоьхна машен

Iаламат дукха некъан бохамаш хуьлу Нохчийн республикехь. Шуьйра бечу тIама тIехь лечеран тIегIане а кхаьчна и терахь. ГIуданаш деттарца боьзна боцург, хьал тодан Iалашонца Iедалийн агIора гуш болх бац. Некъашкахь, чехкаллина доза тухуш, оьш-оьшучехь хIиттийна хьаьркаш яц. Къаьсттина галдаьлла хьал лаьтта эвланашкахь. Цул сов, Оьрсийчура цIакхоьхьу, некъан бохамашкахь беллачу нохчийн декъий.

Некъан низам лардечу полисхоша а,некъаш тIехь бохамийн теш хиллачу бахархоша а чIагIдарехь машенаш херцаран а,вовшахъеттаяларан а коьрта бахьна ду чехкалла.

"13 шо ду со Некъан Полицин инспектор волу. Ас чIагIо йийр яра 90-95% некъаш тIехь хуьлуш йолу авареш, сихалла бахьнехь хуьлу аьлла. Нагахь тхан махкахь новкъа тIехь велларг 100 стаг велахь царех лаххаре а 90 машен чехка хахкар бахьнехь леш ву-кх. Иза сецца бакъ ду-кх хьуна».

Ишта чIагIам бо Соьлжа-гIалин Заводан кIоштехь болх беш волчу шен цIе Салман аьлла яьккхинчу низамхочо.Цо аьлларг тIечIагIдеш санна ю федералан статистика а.Цо чIагIдарца авареш бахьнехь ницкъала чевнаш а еш,вон тIаьхьло а йолуш лазийначеран гайтам къаьсттина лакхар бу Нохчийчохь.

Билггала аьлчи Оьрсийчоьнан Некъан Инспекцин урхалло Iорабаьккхинчу хаамца, махкахь некъахьовзаме нисбеллачарех 20% сов бахархой вуно чIогIа лазош бу. Цу декъехь Нохчийчоь хьалхарчу меттехь ю. Ткъа шолгIачу меттехь лулара ДегIаста.

Говзанчашна хетарехь и гайтам кху Къилбаседа Кавказехь сел лакхара хилар доьзна ду, кхузахь дIакхетча атта юхуш йолу, эчиг дуткъа хиларна ледара лоруш йолу лада «Приора» олу машенаш Iаламат дукха хиларца. Вуьшта аьлчи механа йорах Оьрсийчохь йина машенаш.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло далочу терахьашца кхушеран бархI баттахь махкахь 261 некъахьовзам хилла.Уьш бахьнехь Iожалло вехьна 107 вахархо, лазийна заьIапа висна 413 стаг. Царлахь ду 10 дийна а, 38 лазийна а бераш. Цу кепара дагахь а доцу дараш хуьлуш ду хIора а бохург санна дийнахь.Официалан хьостано билгалдоккху и гайтам стохкалерчуьнца буьстича мелла а лахар хилар.

Некъан низам лардечу полисхоша а,бахархоша шаьшша а къаро йо и терахь мА-дарра аьлчи дахарехь хаъал лакхар хилар.Цара дийцарехь дукха масалш ду нохчаша Iедале а ца доккхуш шайлахь дов дIадерзош,ларамаза нисделларгга-м хьала а,охьа а.

Иштачех бу хIинцца Соьлжа-гIалин кIоштан ГIуларе эвлахь нисбелла бохам а. Еттина кибарчигаш йохьуш йогIу Камаз машен сацийна цхьана урамехь шоферо некъ хатта.Баккхийчаьрга иза вист хуьлучу юкъана чкъурга тIехьа дIалечкъина хилла 6 шо долу ЭскерхановгIеран йоI. ХIуъчара дийцарехь, юьртахоша дIакъахкийна а хилла бераш машен юххера, амма и цхьа йоI баккхийчара дов дича кхераеллехь а, гучу ца йолуш йисина хилла дIалечкъинчохь. ЙоьIан дас Iедална гергахь бехк шена тIе а лаьцна маьрша витна бах шофер.

Нохчийчохь хIора а дийнахь нисло транспортаца боьзна бохамаш.Виъ-пхиъ некъахо а лазош ши авари хилла Устрад гIалахь. Соьлжа гIалахь «Минутка» олучу майданахь Камаз а, лоьрийн орцаллин машен а вовшах а кхетта, лазийна дарбанан цIийне кхачийна виъ стаг. Шерипов урамехь нисбеллачу некъахьовзамехь лазийна ши стаг.

Нохчийчоьнан некъашца нисло вер-ваккхарш доцуш кест-кеста цIа балабо Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь бохамаш бевлла вайнах а.Кху гезган машин беттан 9-чу дийнан буса Нижний Новгород олучу кIоштехь аварехь вийна цIа валош ву теркйист кIоштан Ломаз юьртара ши вахархо Эдельмурзаев а, Абаев а.

Цаьрца машен чохь хилла кхозлагIниг вочу хьолехь дарбанан цIийне кхачийна.Дийцарехь велла царна «Шевроле»машенахь тIекхетта оьрсий а.Бехк хьенан хилла цкъачунна хууш дац,амма и бохам эккхаран коьрта бахьна изза чехкалла лору гергарчара.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG