ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъаралле шен химин герзаш дIадала реза хилла Шема


Оьрсийчоьнан Арахьарчу ГIуллакхийн министр Москох вовшахтоьхначу зорбан-конференцехь, Гезгмашин-бутт 9, 2013
Оьрсийчоьнан Арахьарчу ГIуллакхийн министр Москох вовшахтоьхначу зорбан-конференцехь, Гезгмашин-бутт 9, 2013

Оршот дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедар дира, шаьш Шемин Iедалийца дийцаре деш ду, цу пачхьалкхено шегара дIаьвше герзаш Цхьанакхеттачу къаьмнийн олалла кIела дIадалар, аьлла. Iамеркера Iедал цкъачунна мелла а цатешамца цу боламе хьежахь а, резахиларца тIеэцна иза Европехь.

Немцойн канцлеро Меркель Ангелас резахиларца тIеэцна Оьрсийчоьнан куьйгалло юкъеяьхна йолу керла инициативаш, Шемано шен долара кхераме дIаьвше герзаш, - делахь химин герзаш а, делахь бактериологин а герзаш, - дуьненаюкъарчу талламхойн куьйгакIела дахаран хьокъехь болу.

Меттигерачу АРД цIе йолчу коьртачу телевизионехь Шемин хьокъехь ша йистхуьлуш Меркель Ангелас билгалдаьккхира, шена и тайпа болам вуно бегIийла хета, нагахь санна Шемин куьйгалло а, цуьнан гIортораша а и хIума билгал кхочуш дийр делахь, аьлла.

Амма цуьнца цхьана кхерам бу, цара цу тайпанчу юкъадахарех Шемина гуонахь кхоьлладеллачу хьолехь цхьа жимма шайна хан яккхархьама пайда эца а, элира цуо.

Нагахь санна, цу Оьрсийчоьнан боламна Шемин куьйгалла боккъал а тIетайнехь, цунах массарна а гIолечу агIор пайда хила там бара, элира цуо. Бакъду, цуьнца цхьаьна, цуо иштта билгалдаьккхира, баханчу баттахь Димашкъин йистошкахь лелор дихкинчу дIаьвше герзашца бIеннашкахь нах байъарна жоьпалле болчарна таIзар дан дезаш хилар.

Уьш билгал муьлш бара Цхьанакхеттачу къаьмнийн экспертийн тобанан официалан рапортехь билгалдаьккхинчул тIаьхьа.
Гергарчу хьесапехь цунах терра дара Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана аьлларг а.

ХIинцалца схьа Европерчу пачхьалкхашна юккъехь Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман планашна белшаш гIортош ша цхьаъ бен ца хилла йолчу Францин векало элира, Парижера лаккхара политикан Iедал Москохан боламашна реза хир ду, нагахь санна Шемано цхьа могIа билгалдахарш кхочуш дахь.

Царех уггаре а коьртанарг, Фабиуса дийцарехь, цхьа а, мискъазаратталла доь ца дуьтуш, Шемано шен дIаьвше герзаш дуьненаюкъарчу тергамхошна а гойтуш, хIаллакдар ду. Цул тIаьхьа Францин Iедална дезаш дерг – хIинцалца схьа Шемахь дина хиллачу химин герзашца долчу тIелатаршна бехкеберш билгалбахар а, уьш жоьпе озор а ду. Ткъа царна тIехь кхел, Францина хетарехь, ХIаагерачу Дуьненаюкъарчу зуламан кхело ян езаш ю.

Карладаккха догIу, Оьрсийчоьно шен Шемица боьзна болу керла болам оршот дийнахь дIакхайкхинера. Цу дийнахь Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарь волчу Керри Джоне пресс-конференцехь цхьана журналисто хаьттира, цхьа а хIуммаъ дан а дац теша Шемас карарчу хенахь дан йиш йолуш, Цхьанатоьхна Штаташ шена тIамца тIе ца латийтархьама, аьлла.

„Ду, дера, - элира Керрис цунна дуьхьала. - Шемин аьтто бу, дуьненаюкъарчу тергамхошна а гойтуш, шен массо а дIаьвшийн герзаш хIаллакдан“, - аьлла.

Цуо и дешнаш аьлла масех сахьт а ца делира, Кремлан векалша шаьш и хIума Асад Башаран векалшца дийцаре деш ду, Димашкъа цу балхаа реза а ю, аьлла, бистхуьлуш, олуш ма-хиллара, Iамеркахойн пачхьалкхан секретаран багара даьлла а далале цуьнан дешне пайда а эцна.
XS
SM
MD
LG