ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоь 10" къовсамехь тоьлла политика а, ахча а


Нохчийчоьнан коьрта маьждиг, Соьлж-гIала, 29Оха2013
Нохчийчоьнан коьрта маьждиг, Соьлж-гIала, 29Оха2013

Соьлжа-гIалара маьждиг, Коломна гIалара Кремл а, Оьрсийчоьнан ши символ ю аьлла сацам бина, масех бутт хьалха пачхьалкхехь конкурс дIакхайкхинчара. Маьждиган тосуш хилла долу кхаьжнаш лечкъош хиларна бехке йина хилла йолу Мегафон а , Билайн а, шаьш ма хиллара болх беш ю. Ши а агIо реза а йолуш дIадирзина и дов. Ткъа хIун бахьана дара цуьнан юьххехь а, иза доьрзуш а хилларг?

Соьлжа-гIалара маьждиг оцу конкурсехь, Оьрсийчоьнан символ ю аьлла къастор, иза деккъа Кадыров Рамзанан доьналца чекхдаьлла ду аьлла хеташ ду нохчийн юккъараллехь. Нахана дукха хазахетта кхаа хилла цуьнах.

Аьзнаш чу ца лоруш бозбунчалла лелош, ишшта, гIовгIа яьккхалла мехалла хIума дацара иза, боху цхьаболчара. Амма, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна толам бу боху цара иза. Сулейман цIе йолчу хьехархочуьнна, хетарехь, Оьрсийчохь мелхо а, лаам гайта безаш бара, цу тайпа объект хьалха яьлийта. ТIаккха гойтура дара, пачхьалкхехь къаьмнашна юккъахь цхьаалла ю аьлла.

Сулейман: «И маьждиг Оьрсийчоьнан символ харжар иза доккха маьIан долуш хIума ду. ХIунда аьлча, Оьрсийчохь шорта бусулба къаьмнаш ду дехаш. Керста дин даржале, бусулба дина даьржина ду пачхьалкхехь. Конституци тIехь а ду, къаьмнийн цхьа терра бакъонаш ю аьлла. Оццула йоккха гIовгIа яьккхала хIума а дацара иза. Нийсо а яцара иза. Оьрсийчоьнан символ иза харжар хила дезаш хIума дара. Нохчийн маьждиг ду аьлла ша иза ца хиллехь, кхин цунна бахьан а дацара»

ГIишлошъяран объект санна, маьIан долуш ду Соьлжа-гIалара маьждиг. Цуьнан и мехалла, тидаме эца дезара Оьрсийчоьнан юккъараллехь, аьлла хета, Хаважи цIе йолчу Соьлжа-гIалара вахархочуьнна. Амма, цунна гарехь, иза кийча яц, шай хIумий бен, лара.

Хаважи: «Шай ма хуьллу иза чекха ца далийта хьоьвсира уьш. И Кремл тIаьхь ца хIоттош чекха а ца далийтира цара. Исбаьхьаллинй арзитектура йолуш йина гIишло ма ю иза. Царна маьждиг ду аьлла Iитталуш хира ду иза. Иза маьждиг ца хилча а хаза гIишло ма ю иза».

Политикан тIегIан тIе яьлла йолу и конкурс, цуьнан барамехь ерзош ю. Тахана Нохчийчохь цхьанни а шеко яц, Соьлжа-гIалара маьждиг Оьрсийчоьнан символ харжар, Путинан а, Кадырован а, гергарлонца зIе йолуш хIума дуйла. Нохчий цхьана хIуманна айбина Оьрсийчоьнан Президента. Цхьа ямартло ма хилара цулла тIаьхьа, аьлла дийцира Марет цIе йолчу Соьлжа-гIаларчу яхархочо.

Марет: «Оцу Кадыровийн а, Путинан а юкъметтиг дика хиларна, чекхдеккхина ду и маьждиг. Вай нохчийн къам дукха дийца долийна ду Путинс. Дукха дийцича хIума дика а дац, олуш кица санна хIума ду нохчийн. БIаьрг хуьлу олу. Шай цхьа политик бух болуш хIума долуш ду аьлла хета суна иза».

Тахана, оцу конкурсца долу дов дирзина ду. «Мегафон» а, «Билайн» а, шаьш хьалха ма барра болх беш ю. Бакъду, телефон дIа ца кхетча, «Мегафон» зIенехь, олу, бехк ма биллахьара. ХIинцалца иза дацара.

Ахь тхан мобилан операторш Iад бита, ткъа оха шу маьждиг хьалхадоккхура ду, аьлча санна дIайирзина Нохчийчоьнна и конкурс. Нагахь санна тоам бацахь, шу Соьлжа-гIалана а, «тIеман сийсаллийн гIала» аьлла статус а лура ю, аьлча санна и хаам а баьржина хIокху деношкахь. Иза ша Путин Владимирс дина дIахьедар ду. Дийцарехь, Соьлжа-гIала йиллина 195 шо кхачарна гIадужу беттан 5 денна лерина дан а мега.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG