ТIекхочийла долу линкаш

Цкъачунна Шемана герзаш деттар дац Цхьаьнатоьхначу Штаташа


Шемана шен химин герзаца йоьзна программа гIараяккхар а, дуьненаюкъараллина тIехьажа аьтто баккхар а, иза хIаллакьяр а тIедуьллуш йолу резолюци Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоне хьажор ю Францино аьлла дIахьедар дира, Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана.

Цул а де хьалха Оьрсийчоьно Шема пачхьалкхе кхайкхам бира, химин герз дуьненаюкъараллин урхаллин кIел хIоттае, аьлла.

Оццу хенахь, Шеман оппозици аьттехьа а реза яц цу планна. Оппозицин векалшна хетарехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа герзаш деттар тIаьхьататтаро Шеман президента Асад Башаран дог айар бен, кхин хIумма а дийр дац.

Дуьненаюкъара Human Rights Watch организацино тахана хааме даьккхинчу рапотра тIехь бахарехь, андий тоьшаллаш ду, Шеман эскаро Димашкъана йистехь Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь химин герз лелийна хиларан. Документо чIагIдарехь, оргнаизацино дIабаьхьначу талламо билгалдаьккхина, цигахь лелийнарг «герзийн нервашна паралич ен компонент йолу дIовш лелийна. Гарехь, зарин.»
XS
SM
MD
LG