ТIекхочийла долу линкаш

Луьрчу хьолан колонехь даккха 10 шо кхайкхийна Пьянзин Ильяна


Москох-гIалин кхело шинарин дийнахь луьрчу хьолан колонехь даккха 10 шо кхайкхийна Казахстанан вахархочунна Пьянзин Ильяна. Иза бехке лерина, 2011-чу шарахь Путин Владимирна тIелатар дан кечлуш хиларна.

Дийцарехь, бехке вечуьн дехарца, къевлинчу неIаршна тIехьа дIаяьхьира кхелан кхеташо. Цо талламца барт бинера боху, таIзар лахдан Iалашонца.
Талламан хьесапехь, 2011-чу шарахь Украинехь волуш, Къилбаседа Кавказерчу тIемалойн лидеран Умаров Доккин омарца кхоьллинчу тобанна юкъавогIуш хилла Пьянзин. Цу тобанна тIедиллина хилла, хIетахь, президентан кандидат Путин чохь волу машен эккхийтар.

Зуламан берта юкъавогIуш хилла боху, бакъонашларъяхой дуьхьал а бевлла,
Оьрсийчоьне дIа ца волуьйтуш, Украинехь чувоьллина латтош волу Осмаев Адам. Цуьнан кхел а дIахьош ю.
XS
SM
MD
LG