ТIекхочийла долу линкаш

Умханов Шарип - гIишлошъярхочунна тIера йишлакхархочунна тIекхаччалц


Youtube видеон тIера даьккхина сурт. Умханов Шарип Scorpions тобан "Still Loving You" йиш локхуш ву Голос цIе лелочу йишлакхархойн къийсамехь. Гезгмашин-бутт 6, 2013

Youtube видеон тIера даьккхина сурт. Умханов Шарип Scorpions тобан "Still Loving You" йиш локхуш ву Голос цIе лелочу йишлакхархойн къийсамехь. Гезгмашин-бутт 6, 2013

Оьрсийчоьно The Voice of UK къийсамах масала а эцна, Оьрсийчура йишлакхархошна юкъахь дIахьучу къийсамехь юьхьанцара дуьйна шен цIе яккхийтина Нохчийчура Умханов Шарипа. Scorpions тобан I am Still Loving you йиш а лекхна, жюри цец-акъ яьккхира цо.


Дойкур-эвлара Шарип йишлакха волалушшехь, жюрин декъашхочо, Оьрсийчохь вевзаш волу йишлакхархочо Градский Александра шен г Iант сценина тIедерзийра. И бохург, цо йишлакхархочуьн озан лакхара мах хадабо бохург ду.




Скорпионз, I am Still Loving you - официала видео





Оьрсийн Хьалхарчу Телевизонна тIехь дIахьучу къийсамехь дакъа лоцуш волу Умханов Шарип Краснодарера Културан Университет яьккхина ву. Схьагарехь, Нохчийчохь шена кхин меттиг а ца карийна, Москох дIакхелхинера. Цигахь цхьацца синкъерамашкахь, ресторанашкахь эшарш локхуш, цунах вехаш вара.

Къийсамехь дакъа лоцучу 150 йишлакхархочух жюрино 14 похIма дерг хоржур ву. ХIора тоьллачо шена хьехархо хоржур ву. Умхановс шена хIинцале Градский Александр хаьржина.

Хьалхара мур чекхбаьлла. Кхин дIа финалан ах хир ю. Хьалхарчу муьрех чекхбевлларш цунна кечам бан безаш бу. Цул тIаьхьа, къийсаман декъашхойх кхаьжнаш тосуш, косташ таса деза телехьовсархоша.

Дойкур-эвлара Шарип йишлакха волалушшехь, жюрин декъашхочо, Оьрсийчохь вевзаш волу йишлакхархочо Градский Александра шен г Iант сценина тIедерзийра. И бохург, цо йишлакхархочуьн озан лакхара мах хадабо бохург ду.

Маршо радионо цхьа шо сов хьалха къамел динера Умхановца иза Нохчийчу хьажа-хIотта веана волуш. Цуьнан къамеле кхин цкъа а ладогIа йиш ю кхузахь.

http://www.radiomarsho.com/content/tenor-sharip-umkhanov/24609093.html

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG