ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьо схьавола, хьо дIавала


Нохчийчоь -- харжамашкахь кхаж тосуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Соьлж-гself-governmentала, 11Гlа2009
Нохчийчоь -- харжамашкахь кхаж тосуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Соьлж-гself-governmentала, 11Гlа2009

Хьаькамаш дIахIиттош, вуьйш бохош, эвсара болх бу республикехь дIабоьдуш. РогIера юртда вохийна, кхаьънаш эцарна бехке а вина. Цхьана агIора, масех миллион ахча охьадилла баттахь олий, юртдена тIедуьллу цул а лакхахь волчу хьаькамо. Вукху агIора, кхаьънаш ца эцча, юртден некъ бац оццул ахча вовшахтоха. ХIетте а цу дарже кхача лууш берш шортта бу.

Балха тIехь хьарамлонаш а лелийна,шен даржах пайда а оьцуш,харц кехаташ а хIиттош,ахча доладаккха а гIиртина аьлла,цунна дуьхьал бехк токхаман гIуллакх а долийна.Новр кIоштан суьдехь дов хаьттинарг ву Чернокозово эвлахь юртда лаьттина Алероев Аламбек.Кхело бинчу сацамца цхьана шарахь бертаза белхаш бар тIедожийна,селхана Iедалан хьашт-дезарш луьстуш каде хьийзинчу Алероевна.

Шен бакъонех сов пайдаэцарна а,шен боцу бахам долабаккха гIортарна а 160 эзар токхам бан безаш гIуда а тоьхна селханлерчу хьаькамна.Суьдо цуьнан хьокъехь бина и сацам болх бан болабелла кху гезгамашин беттан 9-чу дийнахь дуьйна.Лакхахь хьахийна таIзар доцуш, куьг бехке лоруш кхел йинчу Алероевн бакъо яц эха шарахь Iедалан балхахь цхьана а дарже хIотта а.

Карладаккха догIу Нохчийчохь стохка гурахь дуьйна хIара шо доладаллалц,балхара боха а беш ,арахь такха хенаш кхайкхийна юртдай ткъаннашкахь багарлуш хилар.

Царна бехке дуьллург дара даржех пайда а оьцуш ,шайна саненна хьарамлонаш лелаяр.Официалан Iорадаккхарца юртдайша кIоршаме низамаш а талхош латтанаш доьхкинера бахархошна.Цу бехкенна балхара бохийнарш массо кIоштехь бу.Къаьсттина дукха,ткъе итт гергга дIаваьккхина масала Шелковск а,Новр а,Теркйист а кIошташкара.

Ма-дарра аьлчи цхьабосса кхеталуш хIума дац кхузахь Iедалдайн аьллар-лаам дахаре берзош ,шовкъе хьийзаш болу юртдай цхьа хIума гал доллушехь балхара бохор а,кхеле ийзабар а.Стенна аьлчи массарна а хаа а хууш цара шайггара ,кIоштде пурба доцуш-м хIети а,вети а,цхьаллиг цхьа гIулч йоккхуш яц,да ваххал мах боккхуш латта дохкарра-м дийца а ца оьшу.Халкъалахь мА аллара аьлчи жимма а даржехь волу стаг кхузахь гIумгIа эцна ваха а ваьхьаш вац шена тIехь волчу хьаькамна а ца хууш.

«Сан шича ву юртда.Цунна лакхар охьа омра до,цхьана билггалчу хенахь, 3 я 5 миллион,я кхин а дукха ахча вовшахтоха олий.Юртде оццул ахча вовшахтоха цхьа некъ бен бац-латта дохкар.Цхьа пайда-м цунна а хирг хир бу бан,амма и декхарийла веш ву-кх латта доьхкина ахча гулдан».Юртдайн хьокъехь ишта дуьйцу Новр кIоштерчу цхьана вахархочо.Цо кхеторехь дIабаьхнарш кIезиг бацахь а тIаккха а цу гIанта ховшу луурш Iаламат дукха бу.

Бахархоша дийцарехь латтанаш эца лаам берш хIора шарна а лахлуш бу.Цара и дузу кхузахь бIаьрла хийцамаш хир бу аьлла тешаш берш хIора шарна а дах а луш,махках буьйлурш алсамбийларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG