ТIекхочийла долу линкаш

Human Rights Watch организацино теллина Оьрсийчура заьIап нехан хьал


Дуьненаюкъара адамийн бакъонийн Human Rights Watch организацино хааме даьккхина, Оьрсийчура заьIап нехан хьолах лаьцна рапорт. ДегIаца цхьацца кхачамбацарш долчу заьIап нахаца а, церан доьзалшца а йинчу 123 интервьюна тIехь кечдина ду рапорт.

Хеттарш, коьртачу декъана, дела денна заьIап нах Iитталучу халонех лаьцна дара - юкъараллин транспорта тIехь леларца а, Iедалан хьукхматашка а, кхечу организацешка а, туьканашка а, дарбан хIусамашка а кхачарца.
Официала хьесапехь, мел лаххара а, 13 миллион заьIап стаг ву Оьрсийчохь вехаш.
XS
SM
MD
LG