ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу девнехь лаьтта ший агIо ю бехке тIеман зуламаш дарна а, бакъонаш йохорна а


Шемарчу девнехь лаьтта ший а агIо ю бехке тIеман зуламаш дарна а, дуьненаюкъара бакъонаш йохорна а.

И аьлла тахана дIахьедар дина Шемахь адамийн бакъонаш талхор теллинчу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин комиссин куьйгалхочо Пинейру Паулус.

Комиссин рапортан юкъахь тоьшаллаш ду, Шеман Iедалан эскарша маьрша бахархой байъар а, дарбан хIусамашна бомбанаш еттар а чIагIдеш долу.
Иштта, оппозицин ницкъаша, шайна юкъахь арахьара тIемалой а болуш, йийсаре лаьцна нах байъина хиларх а, закъалтана нах лецарх а, гIалин, нах беха кIошташна тIе герзаш деттарх лаьцна а ду тоьшаллаш.

ХIокху шеран Стигалкъекъа беттан 15-чу дийнахь дуьйна, Товбецан 15-гIа де тIекхаччалц хилларг ду теллинарг.
XS
SM
MD
LG