ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дипломатийн гIирсаш эвсар ца хилахь, Шемана тIелата кийча ю Iамерка


Шинарин дийнахь дуьйна Британи а, Франци а, Цхьанатоьхна Штаташ а ю Шемахула Францино Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Кхерамазаллин Кхеташоне кховдийна проект йийцаре еш. Гергарчу хенахь иза Оьрсийне а, Китайга а кховдор йолуш ю.

Оцу документо Димашкъана тIедуьллуш ду, пхийттех дийнахь шайн химин герз хьулдина мел йолу объект Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инспекторшна схьаеллар. Нагахь ишта ца хилахь, аьлла ду документа тIехь, Асад Башаран режимана дуьхьала санкцеш йохур ю – санкцешна тIера, тIеман чугIортарна тIекхаччалц. Иза магадо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Уставан 7-чу агIоно.

Оцу юкъанна, Iамеркан президенто Обама Барака варе дина, дипломатийн гIирсаш эвсар ца хилахь, Шемара тIеман объекташна тIе герзаш тоха кийча ю Iамерка, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG