ТIекхочийла долу линкаш

Дашаев Мохьмад адамаш лечкъорна а, ницкъ барна а бехке вина Къизаллаш Лелорна Дуьхьал Йолчу Комитето


Къизаллаш Лелорна Дуьхьал Йолчу Комитето Оьрсийчоьнан Талламан Комитете хаам бахьийтина, Нохчийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллера лакхара даржхо Дашаев Мохьмад адамаш лечкъорна а, ницкъ барна а бехке ву, аьлла.

Цу комитете латкъам бинарг Соьлж-гIалин вахархо Амриев Мурад ву. Цо дийцарехь, Марсхьокху-беттан 25-чу дийнахь иза лачкъа а вина, Соьлж-гIалехула йолчу Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин урхалле вигина хилла. Цигахь цунна шина дийнахь-бусий къиза йиттина.

Шена бина ницкъ ла а ца белла, 2008-чу шарахь Дашаевна тIелатарца доьзначу документашна кIел куьг таIон дезна Амриевн. Дашаевна хетарехь, цунна тIелатарна бехке, Германе дIакхелхина волу Амриев Мурадан воккха волу ваша ву.

Марсхьокху-беттан 27-чу дийнахь Дашаевс АмриевгIеран дена-нанна тIедиллинера, воккха волу кIант Германера цIавалавар.

Комитето бечу хаамца, Амриев Мурад республикан дозанал араваьлла, ша верна а кхеравелла.

Нохчийчура Iедалша цкъачунна хIумма а ца аьлла, хIокху гIуллакхан хьокъехь.
XS
SM
MD
LG