ТIекхочийла долу линкаш

Химин герзехула болчу бертан документаш Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаци хьажош ю Шема


Химин герзехула болчу бертана кечам баран документаш Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаци хьажош ю Шема, аьлла дIахьедар дина Шеман президенто Асда Башара ша «Оьрсийчоь-24» телевизионна еллачу интервьюхь.

Асада билгалдаьккхира, Шемано шен химин герз дуьненаюкъараллин урхаллин кIел хIотторан бахьана Оьрсийчоь ю, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн кхерамаш бац, аьлла.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс оршот дийнахь ойла кховдийнера, химин герз дуьненаюкъараллин урхаллин кIел хIоттон дезара аьлла. Шеман Iедал цунна реза хилира. Ткъа Шемара гIаттамхой а, цу декъехь, Шеман Маьрша Эскар а, аьттехьа а реза бац цу планна.

Марсхьокху-баттахь Шеман коьртачу Димашкъ-гIалина йистехь лелийначу химин герзано хIаллакьвина, тайп-тайпана хьесапца, 300 стагана тIера 1,400 стаге тIекхаччалц.
XS
SM
MD
LG