ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнна са ца гатлахьара, Европера дахар дика хир дара


Франци -- Парижера Лувран пирамида, 06Мар2007
Франци -- Парижера Лувран пирамида, 06Мар2007

Европано тIе а лаьцна, баха охьахевшина иттаннаш эзарнаш нохчий. Кхин а бIе эзар гергга нохчо Европехь вехаш бу, амма, махкалла даланза бу уьш. ЦIера хьал кхераме хиларх меттигера Iедалш теша даделларш, цIа хьийсабо тахана а. Амма уьш юха а Европане хьоьжуш беха.

Европехь болх-некъ а карийна бехачу нохчийн барам гойту шатайпа гайтам бара марха достучу дийнахь Нохчийчохь хаалуш йолу, бIеннашкахь аьлчи а кIезиг хир доцуш, кхечу пачхьалкхашкара схьаяьхкина «кура»машенаш. ХIинца и тайпа машенаш наг-наггахь доцург ца го некъашкахь.Уьш шайн «децIа» юхайирзина. ЦIоьмалгаш юкъахь далийнехь а, децIа иза нисса ах сов дуй те аьлла бакъ ду.

Европан пачхьалкхашкахь даккхий хиллачу бераша а, цигахь динчара-м ирх-пурх а, шайн Даймохк лору Европа. Кхузахь церан ворхIе а дай баьхначу, бирзинчу Нохчийчохь жимма хьалхо лерса эккхал тамаше, инзаре тамаше хеталора, «вай дIадахийтийша» бохуш, бераша дай-наношка беш болу леткъамаш.

Ткъа тахана бомбанаш лелхарх, нохчочуо нохчо верах санна, цунах а доьлла адам. Мел лазаме делахь а гергарчара кхетадо бакълена а цу берийн Даймохк цигахь хилар а, хIара дай баьхна декъаза, тIемашкахь бахчабелла мохк, царна хIора шарахь гена балахь бен, герга таьIаш цахилар.

Нохчашна и Европа къахьян,кху цIахь даладелла башха ду бохуш,хаза дуьйцуш меттигерчу Iедалдайша лело хIумнаш беламе туьду дукхахболчара. Царна девзаш ду кху цIеран бакъ сурт а, хууш ду кхузахь мел маьрша ду а. Дозанал арахьара дахар нажжаз деш, сийсаздеш Iедалехь болчара кху тIаьхьарчу хенахь телевизионехь, зорбанехь а шуьйра пайдаэца болийна Европера бертахь а, бертаза а цIабирзинчу нохчех.

Делахь а кхузара хьал дика девзара тидарца цу хиламо цуьрриг а лилха дохуш дац тIийриг а йина махках буьйлучийн могIанаш.Уьш цIабоьрзур бу бохург аьттехьа а дац. Цхьа тешнабехк, ямартло санна хIума ду масийтта шарахь шена тховкIело а елла, ша тIе а лаьцна кхаьбначарна лер. Ишта хьажам бу цу хиламе яздархочун Хатаев Хьусайнин.

Хатаев: «Соьга хаьттича, хьо тIеэцначу меттигана лер ямартло а, тешнабехк а санна хIума ду. Шайна дина хоьшалла ца хууш ма бац уьш. Царна, масала, кхуза баьхкича аьттехьа а хир ма дацара ишта тховкIело елла а, болх-некъ а хилла а гIо. Цигахь шен барамехь хIоьттина хьал ду. Ахьа цхьанне а кхаъ бала а, корта бета а ца беза. Бакъонна тIехь пачхьалкхаш ю уьш.

Дера, хьо дIакхачарций хьуна министран дарж лур ма дац. Кхин дарж а лур ма дац. Хьан дешар а, говзалла а царна кхачо йолуш дац. Стенна аьлчи, кхузахь мел дийриг - тоьур дара иза-м, мегар дара иза-м, бохуш деш ма ду. Цара шаьш дийриг баккъал а стаг кхион а, кхетон а деш ду.»

Маршо радио: Кхузарчу Iедалдайн хIун толо цIабаьхкинчаьрга Европера дахар къахьдеш, сийсаздеш къамелаш дайтича?

Хатаев: «Кхара лелош ерг политикан кеп ю. Вай цIахь вуон дац. Бахана баьхкинчара, хьовсал, тоьшалла до шуна цигахь дика ца хиларан, цигахь дахар къовзийна а, декъаза а ду, бохуш. Iедалехь болчарна цунах ала а, дийца а хIума хуьлу. Кхин хIумма а дац».

Маршо радио: Шаьш и къамелаш дайтича нехан дIабаха дог-ойла хир яц аьлла хета те царна?

Хатаев: «Хета дера-кх. Буьсур бацара те,совцур бацара те дIаоьхчура,аьлла деш мА ду цара иза.Кхин цхьа бух болуш а,маьIна долуш а хIума мА дац иза.»

Маршо радио: Хьусайн, хьажа-хIитта цIабаьхкинчу хенарчу наха олу, «Европехь дахар синтеме, дика дара, цIа са ца гатлахьара. И хIун синтем бу цара буьйцург? Кхузахь, Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а бац те и синтем?

Хатаев: «Нохчийчохь синтем муха хуьлу, хьуна хьайна зеделларг дахаре дерзо хьуна Iедалера хуьлуш цхьана а кепара гIо дац. Ахь айхьа боккхий хьайна некъ,кхаъ бела боккхийла ахь,летта,Iоьттина боккхийла ахьа и ша ду. Вуьшта ма дика ду-кх хьоьга и далуш аьлла Iедало цкъа а хьуна гIо дийр дац. Хьан хIума айина, тадина хьуна гIо дийр дац новкъарло яхь бен.

Ткъа цигахь хьо цхьана хIуманна охIла велахь хьуна хила мА деззара гIо хир ду.Хьо хьаъа а тIе оьцур ву. Кху цIахь хьуна хаьа–кх.

Цигахь паргIат веха стаг.Ахь баха ца оьшу, со ма ву, суна хIара хаа ма хаьа а. Хьуна хаьа-кх, билггал. Церан низам а лардеш, хьо вахахь, хьуна бехк боцуш стагга а коча а вогIур воций.»

Нохчийн махках бийларх а, Европехь вайнаха Iар-дахар нисдарх а дийцина Хатаевна хетарехь нагахь кху цIахь нийсо-бакъо а ларьеш, болх-некъ а нислуш, синтеме дахар кхоллахь дIаоьхурш лахбала а там бу. Амма цигахь дIа а тарбелла, бехаш берш цIабогIур бу бохург герга ца дуьту цо а. Буйнахь долу ирс кхана-лама хила тарло бохучу ирс-токхоца хийцар, челакха хIума лору цо а, кхечара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG