ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара хьал дерзон дуьненаюкъара машаран конференци дIаяхьарх догдохуш ву Керри а, Лавров а


Iамеркан пачхьалкхан секретара Керри Джона а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс а шаьшшиъ догйовха ву аьлла, Шемарчу химин герзана тIехь дуьненаюкъараллин Iуналла хIотточу дагадовларша, цу пачхьалкхера хьал дерзорна дуьненаюкъара машаран конференци дIаяхьа гIо дийриг хиларна.

Керрис а, Лавровс а иштта хаам бира, Гезгмашин бутт чекхболуш Нью-Йоркехь цара цхьанакхетар дIахьур ду, и конференци дIахьур йолу де къастош, аьлла.

И аьлла дIахьедар дира царшимма, Женевехь хилла дагадовларш чекхдевллачул тIаьхьа. Цигахь дакъа лоцуш вара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь Шемахула Iаьрбийн пачхьалкхийн Лиган леррина векал волу БрахIими Лахдар а.

Тахана хьалхуо оьрсийн президенто Путин Владимира билгалдаьккхира, химин герз доьхкучу конвенцех Шема кхета гIертар, Шемара дов дерзоран новкъахь ладаме гIулч хилар.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Гергарчу Малхбалера официала хьосташна тIе а тевжаш, The Wall Street Journal газето хаам бира, «450» олу Шеман эскаран къайлаха дакъа ду, химин а, дIаьвше а герзаш карон хала хилийта, ерриг пачхьалкхехула дIасадохуш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG