ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индехь студент-зудабер хьийзийначарна байъа кхел кхайкхийна Делин кхело


Индера Дели-гIалин кхело тахана ирх уллуш, вен кхел кхайкхинйа веа стагана. Даханчу шеран ГIуран баттахь цара цхьаний жима зуда хьийзинера. Иза тIаьхьуо кхелхинера, шена хиллачу чевнех. Кхелан сацам кхочушбан оьшург Индин Лаккхарчу Кхелан пурба ду.

Еллачу зудчуьн доьзал а, цхьа моггIа политикаш а, стоьлан дайша а кхайхкамаш бинера, зуда хьийзинарш байъа, бохуш.

Марсхьокху баттахь, кхиазхойн кхело кхаа шарана нисваран колоне хьажийра, зуда хьийзош дакъа лаьцна, 18 шо кхачаза хилла цхьа жимастаг. Бехке веш хилла 6-ниг, набахтин камерин чохь ирхоллавелла карийнера хIокху шеран Зазадоккху-баттахь.

Даханчу шеран ГIуран баттахь Лоьрийн институтехь доьшуш хиллачу, 23 шо долчу студентана зудаберана тIелатар динера ялх стага. Цара хьийзиначул тIаьхьа ши кIира даьлча, дарбан цIийнехь иза еллера. Оц зуламо гIаттийнера ерриг Инди пачхьалкх. ЭргIадбахана нах, зуламхой байъаре кхойкхуш бара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG