ТIекхочийла долу линкаш

Беларусин президентана Лукашенка Александрна 2013 шеран анти-Нобелан машаран совгIат кхаьчна


Беларусин президентана Лукашенка Александрна анти-Нобелан машаран совгIат билгалдаьккхина хIокху шарахь – нахалахь тIараш деттар дехкарна. ХIарвардан университетехь даханчу еарин дийнахь хилира леррина церемони.

Ши шо хьалха юкъадьаккхина дара, юкъараллехь тIараш деттар дехкар. ХIетахь беларусин оппозицино тийна дуьхьалонан акци дIаяьхьнера, тIараш детташ. 2011-чу шеран Товбецан баттахь Минскехь гIуда тоьхнера цхьа куьг долчу стагана, цо и дехкар дохийна аьлла.

Ig Nobel Peace Prize дуьненаюкрачу лераме совгIатана пароди ю. Цкъа дуьххьара белам, юха ойла йойтучу хIуманна луш ду иза.
XS
SM
MD
LG