ТIекхочийла долу линкаш

Женевехь барт хилла Шеман химин герзан хьокъехь


Шемарчу химин герзана дуьненаюкъарчу тIехьажаран принципашкахь барт бина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Оьрсийчоьно а. И аьлла, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца Женевехь дагадовларш чекхдевллачул тIаьхьа тахана вовшахтоьхначу зорбан-конференцехь дIахьедар дира Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона.

Керрис билгалдаккхарца, Димашкъо цхьана кIирнахь шен химин герзах лаьцна мел йолу информаци дIаяла а, дуьненаюкъара инспекторш пачхьалкхана чубита а беза.

Шина агIонан барт хилла, нагахь санна, химин герз хIаллакьдарца доьзначу хаттаршкахь цхьанаболх бан Шеман Iедалш дуьхьал хилахь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан бакъо хир ю, организацин Уставан 7-чу агIонах пайда эца.

Цуьнца а догIуш, Шемахь тIеман операци дIаяхьарна тIекхаччалц санкцеш дуьхьала яха магош ду.
XS
SM
MD
LG