ТIекхочийла долу линкаш

Царнаев ЖовхIаран гIуллакх: керла бехкаш кховдийна Тажаяков Азамате а, Кадырбаев Диасе а


Бостонера марафонехь бомбанаш лелхийтарна бехке вечу Царнаев ЖовхIаран гIуллакх толлуш тешаш санна тIеозийна хиллачу студенташка пIераскан дийнахь керла бехкаш кховдийна Бостонан прокуратуро.

Казахстанера студентийн Тажаяков Азаматан а, Кадырбаев Диасан а бехк-такхаман гIуллакх цхьанатоьхна Iамеркахочуьн Филлиппос Робеллан гIуллакхца, бохуш дуьйцу Iамеркан хаамийн гIирсаша.

Марсхьокху-бутт бовш бехк-къасторхойн кхело тIечIагIдира, Кадырбаевга бехк кховдийна, цо Бостонера теракт толлучу талламана новкъарло а йина, тоьшаллаш хIаллакьдан берта а ваханера, аьлла.

Тажаяковга гергарчу хенахь кховдор бу керла бехкаш. Филлиппос кхеле озон мегаш ву, цо харц тоьшаллаш динера аьлла.

Царнаевца университетехь доьшуш хилла Тажаяков а, Кадырбаев а Стигалкъекъа баттахь кхеле озийна ву. И шиъ къера хилла, шаьшшиъ тоьшаллаш хIаллакьдан хьаьжна хиларна.
Амма царшимма тIе ца дуьту, шаьшшиъ бехке хилар.

Нагахь кхело уьш бехке лалархь, ткъа-ткъа шераш набахтехь даха кхайкхон а, Iамеркера депортаци ян а тарло царшинна.
XS
SM
MD
LG