ТIекхочийла долу линкаш

Навальныйн латкъам луьстур бу ПIераскан дийнахь


Москох мэран харжамаш харц бар доьхуш Навальный Алексейс бина латкъам луьстур бу цу гIалийн кхело тIедогIучу ПIераскан дийнахь. Карарчу хенахь Москох мэр волчу Собянин Сергейца и дарж къовсуш хиллачу Навальныйна хетарехь, кхаж тосуш дуккха а кхачамбацарш хилла.

Оппозиционеро дийцарехь, царах коьртаниш ду, гIалан бюджетеро ахча а дойуш, пенсионерашна кхачанан сурсаташ декъар а, муниципалан газеташа Собянин Сергейна озабезам бар а.
XS
SM
MD
LG