ТIекхочийла долу линкаш

Кхо эзар стаг лаьцна полицино Москох метро чохь талламаш беш


Даханчу мукъачу деношкахь Москох дIаяьхьна цу гIалара метро криминалаца боьзначу нахах цIанъяран акци. Цуьнах лаьцна хаам бина Интерфакс-агенталло, Москох чохьачу гIуллакхийн урхаллан зорбан сервисана тIе а тевжуш. И акци дIахьош полицино хIоттийна 550 протокол.

Схаьдиллина 4 бехк-такхаман гIуллакх. Москох операци дIахьош цхьана ханна лаьцна 3 эзар 122 стаг. Цу тайпа акцеш кхин а дIаяхьа дагахь ю Москох полици. Полицин белхахоша шайн коьрта тидам тIебохуьйтур бу къайлах болчу мигранташна а, къоман бух тIехь вовшахкхеттачу зуламхойн тобанашна а.
XS
SM
MD
LG