ТIекхочийла долу линкаш

Шеман хаттарехь ойла цхьаьнайогIу Iамеркан а, Британин а, Францин а, Оьрсийчоьнан а


Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Британи а, Франци а, Оьрсийчоь а реза ю, Шема-пачхьалкхана тIеIаткъам бан, нагахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло тIеоьцур йолу резолюци цо кхочуш ца яхь. Цуьнах лаьцна Британин а, Францин а арахьарчу гIуллакхийн министршца шен хилла дагадовларш дIадирзича дIахьедар дина Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона.

Iамерко а, Оьрсийчоьно а бинчу бертаца а догIуш, Шема реза хилла цхьа кIира далале шен дIаьвше герзах лаьцна йолу информаци дуьненаюкъаралле дIаяла а, 2014-гIа шо юккъе далале иза хIаллак дайта а. Нагахь цо шена тIелаьцнарг кхочуш ца дахь болх бан йолалур ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло тIеоьцур йолу резолюци. Иштта хьал нислахь Iамерко ницкъаах пайда эца мега Асад Башаран Iедалшна дуьхьал.
XS
SM
MD
LG