ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Серноводскера эккхийтар


Оршоьтан буса, 1.50 хенахь эккхийтар дира Серноводскерчу Соьлжан кÌоштан полицин декъа хьалха. Талламчаша дийцарехь, ша а леш, молханах юьйлина машен эккхийтина цкъачунна вовзанза волучу стага. Велла 3 полисхо – ТIехьа-Мартанара Cулейманов Юни а, Оьрсийчуьра ханна ваийтина хилла Пучков Леонид а, Егоров Александр а. Лазийна 4 полисхо. Бохам хиллачу меттехь кхин цхьа стаг а лаьцна, шеца оьккху коьчал а йолуш, хаам бина Iедалхоша. (Маршо Радио/ Садулаев Муса)

XS
SM
MD
LG