ТIекхочийла долу линкаш

Пиллэй: ОвхIанистанехь телхаш ду адамийн бакъонашца долу хьал


ОвхIанистанехь адамийн бакъонашца доьзна хьал телхаш хиларна саготта ю ша аьлла, дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу урхаллан куьйгалхочо Пиллэй Нэвис.

Карарчу хенахь цу махкахь шен визит дIаерзош йолчу Пиллэйс элира, 2014-чу шарахь коалицин эскарш цигара арадаьхначул тIаьхьа хаьл кхечу агIор дерзарна кхоьруш бу меттигера юкъараллан жигархой аьлла.

Цара дийцарехь, къаьсттина саготта бу уьш ОвхIанистанерчу зударийн бакъонаш хьокъехь. ОвхIанистанан президентаца Карзай Хьамидца шен хиллачу цхьанакхетарехь и проблема къаьсттина билгалъяьккхира ша бохуш яра Пиллэй Нэви.
XS
SM
MD
LG