ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан ницкъаша дIаьвше герз лелийна бохучух ца теша Лавров


Шемахь дIаьвше герз лелор толлуш хиллачу инспекторша яздинчу рапорто цхьа а шеко ца йитина иза динарш Асад Башаран ницкъаш хиларх аьлла дIахьедар дина Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Фабиус Лорана.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца шен хилла цхьанакхетар дIадирзича цо журналисташна хьалха вист хуьлуш элира, иза иштта хилар гойтуш ю Димашкъехь хиллачу лелхийтарийн техникан билгалонаш аьлла.

Шен агIора Лавровс дIахьедар дина, шена хьалха санна иза гIаттамоша йина провокаци хета аьлла. Цо дийцарехь, дуьненаюкъарчу инспекторша кечдинчу рапорто кхоччуш жоьпаш ца делла и кхераме герз лелор хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG