ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашингтонехь нах байина Алексис коьртана телхина хилла боху Iедалша


Оршотан дийнахь Вашингтонехь тIеман хIордан ницкъийн комплексан кертахь герз диттина волу стаг Алексис Аарон кхетамчура волуш хилла аьлла дIахьедар дина Iамеркан низамаш лардон органийн векалша. Associated Press агенталло дийцарехь, и стаг наб йоьхна а хилла, цхьацца аьзнаш хезаш а хилла.<br /> <br /> Полицино шозза лаьцна хилла иза, бахьана а доцуш герзах пайда эцарна. Алексис Аарон тIеман хIурдан эскарехь гIуллакх деш хилла 2007-чу шарахь дуьйна, 2011-чу шаре кхаччалц. Цул тIаьхьа цо болх бина компьютерийн фирмехь. Цо адамаш дайаран бахьана хууш дац. ТIеххьара болчу хаамашца, Алексиса герз а диттина вийна I3 стаг. И стаг а вийна полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG