ТIекхочийла долу линкаш

Тутмакхаш вовшахлетта Оьрсийчурча набахтехь


Дуккха а тутмакхаша дакъа а лоцуш тасадалар хилла Оьрсийчохь Новгородан махкахь, луьрча хьелашкахь хан яккха чубоьхкина нах латточу колонехь. Чевнаш йина ву 11 стаг. Уьш госпитале охьабехкина бу.

Парфино цIе йолчу эвларчу цу колонехь вовшахлеттарг ву 80 гергга стаг. Ах сахьт даьлча уьш вовшахбаха аьтто баьлла гIаролхойн. Iедалан белхахошна юкъахь эшам хилла стаг вац.
XS
SM
MD
LG