ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боснехь тIеман зуламаш дина стаг дIавала сацам бина Iамеркехь суьдхочо


Iамеркехь Виргиния-штатехь суьдхочо сацам бина Боснехь тIом боьдуш концлагерехь гIаролхо хилла Незирович Алмаз цу махкана дIавала. Боснехь иза бехке веш ву маьрша бахархой кIиза хьийзорна. ХIинца Незирович Алмазан хаттар къастор ду Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона.

Боснерчу талламхоша дийцарехь, 1992-чу шарахь цу стага Рабич цIе йолчу набахтехь йетташ а, кIизаллаш лелош а, сийсаз беш а хьийзийна цигахь латтош хилла сербийн къомах болу тутмакхаш. 15 шо хьалха иза дIавахана хилла Iамерке.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG