ТIекхочийла долу линкаш

Украино къобул бина Евробертана юкъаяхаран некъ


Евробертаца цхьаьанакхетарх лаьцначу бертан проект къобул йина Украинан Iедало. И барт тIеэца безаш бу Лахьан-баттахь Вильнюсехь хир йолчу «Малхбалера накъосталла» цIе йолчу саммитехь. Евробертан Украинерчу векалаллан куьйгалхочо Томбински Яна дIахьедар дина, иза мехала гIулч ю аьлла.

Иза тIеэцар кхиам хир бу Украини а, Евробертан а аьлла хета цунна. Цу хеннахь, махкахь референдум а йина Украина мелхо а Оьрсийчоьно урхалла дечу Таможнин бертана юкъаяхийта лууш бу меттигера коммунисташ. Москох тIеIаткъам бан гIерташ ю Киевана Украина Евробертана юкъа а ца йоьдуш, Беларуси а, Казахстан а санна Тамжнин бертана юкъаяхийта гIерташ.
XS
SM
MD
LG