ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьиджабна тΙе когаш хьоькху юха а


Нохчийчоь – Соьлж-ГIалин юккъехь цхьаьнакхетта кхо нийсархо, 06Гез2013
Нохчийчоь – Соьлж-ГIалин юккъехь цхьаьнакхетта кхо нийсархо, 06Гез2013

Дешаран керла шо доладаларцана гΙаттийна Оьрсийчуьрчу юкъаралло зудабераш хьиджабаш, я тΙехь кхин динан билгало йолчу духарахь школашка леларо шайна бохьу гΙайгΙа. Амма шайн сибат ца хуьйцуш, дешар дита а реза бу цхьаболу мехкарий. ХΙоьттинчу хьолехь хΙун некъ харжа беза, муха каро еза массо агΙонашна товш юкъ, боху хаттар лаьтта Ιедална а, динан дайшна а хьалха. Ткъа муха карабо бусулбанашца барт Европерчу мехкашна, церан юй те и тайпа проблемаш, теллира Маршо Радионо.




Бусулба мехкашкара схьабаьржина гастербайтерш миллионашка бовлуш лаьттачу Москох а, цунна гонахарчу гΙаланашкахь а ирделла лаьтта, муха лела беза тΙебаьхкина бусулбанаш, цара леладечу бухара доцчу гΙиллакхех муьлхарш дехка деза, муьлхарш маго деза боху хаттар.

Пачхьалкхан шахьарна гена йоцчу цхьана гΙалин администратора Жуков Николайс прессехь дуьйцу, шайна шайн школашкахь карийна бусулба зудаберашца юкъара мотт, цара дитина хьиджабаш лелор, амма уьш цара хийцина корталех, бохуш. Амма йисина, боху, ши йоΙ, ва дела аьлла, коьртара хьиджаб дΙа ца йоккхуш.

Ишттачу мехкаршна, цаьрга шайн духаршца оьрсийн синкхетам чеха ца байта, уьш дΙакъасто безара юкъараллах, шайн цΙахь совцо безара, уьш хьехархошка цΙахь Ιашшехь а Ιамабойтуш, дуьйцу Подмосковьерчу гΙалин оцу хьаькама Жуковс.

Дешаран шо долалушшехь, Ιедалхоша гΙаттийначу хьиджабийн темано сагатдойту юха а Оьрсийчуьрчу имамашка, муфтешка, динан урхаллийн куьйгалхошка.

Царех ву, масала, Оьрсийчоьнан Европерчу агΙонан бусулбанийн лидеран гΙовс Мухетдинов Дамир. Цо цхьана боккхачу гуламехь элира деношкахь, Ιедалерчу националисташна халкъан бΙаьргаш чохь шаьш базбен ницкъ а хилла дΙахΙоьттина зударийн коьртара хьиджабаш хьехор, аьлла. «Аштаркхнарчу губернатора бусулбанашна хьоьху, хьиджаб хийца ца луучара, мохк хийца беза, бохуш. Аштаркх-махкахь 30 процент бусулбанаш беххашехь до цо и къамел» - цецвуьйлура Мухетдинов Дамир-Хазрат.

Стохка а, лурчаха а санна, Оьрсийчохь юха а йолош ю хьиджабаш емалъяран кампани.

Муха ду те, Оьрсийчоь шайна эмгар а хеташ, иза дΙа а тесна, Европе баха дΙабахначу нехан бухарчу Ιедалша а, меттигерчу юкъараллаша а дин лелон магорца-дехкаршца, теллира Маршо Радионо.

Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Масхадов Асланан динан хьехамча хилла ву тахана Австрерчу нохчийн диаспоран тхьамда волу Ибрагимов Висита.


Европа --Нохчийн жигархойн кхеташонехь, юккъехь - Ибрагимов Висита, 2011
Европа --Нохчийн жигархойн кхеташонехь, юккъехь - Ибрагимов Висита, 2011


Шун махкахь хΙун зовкх хьоьгу бусулбанаша, царна-м ца доьхку Ιедало а, юкъаралло а хьиджабаш, мажош, боца хечийн когаш лелон хаьттира цуьнга Маршо Радионо.







Ткъа муха ду бусулбанийн хьал, масала, Бельгехь?


Белги --Алиев Идрис, нохчо
Белги --Алиев Идрис, нохчо

Цигахь мел гΙело йо царна пачхьалкхо а, бухарчу бахархоша а, дийцар дийхира оха Сесанара волчу Алиев Идрисе. Нохчийчохь зΙенан министр вара иза цхьана хенахь. Даима а билгалволуш хуьлура динна тΙегΙертарца.




Да ма хьекхарг, стенна ца мега те Оьрсийчоьнна, ша цхьана декъанна бен яцахь а, бусулбаллах хьакхалуш пачхьалкх юйла а, шен къаьмнех ах дакъа бусулбанех дуйла а кхетта, цхьа барт каро, бохура Маршо Радиога шаьш дехачуьра хьал довзийтинчу Ибрагимов Виситас а, Алиев Идриса а. Амма царна дала жоп хала ду карон. Ца карадо иза кху массех бΙешерашкахь шена Оьрсийчоьнна а. Ткъа кхидΙа а исторехь яха лаахь, ца кирийча ер йоцийла-м кхета массо а.
XS
SM
MD
LG