ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадаца тIом бан шайн тIемалойн тоба кхоьллина Алеппохь нохчаша


Шемахь болчу Нохчийчура а, кхин йолчу Кавказерчу республикашкара тIемалоша Алеппо-гIалахь тIеман тоба вовшахтоьхна Асадан ницкъашца тIом бан. Цуьнах лаьцна, РИА Новости агенталлана тIе е тоьвжуш, хаам бина Кавказский узел олучу интернет-агенталло.

Оппозицин векалша дийцарехь, цу юкъахь ву 1000 гергга стаг. Цу тобан цIе ю "Аль-Мухаджирин". Ткъа цуьнан коьртехь ву нохчийн къомах волу Абу Iабдурахьман. Цу нахах дукхах берш дакъалаьцна бу Нохчийчохь а, кхечу меттигашкахь а хиллачу тIеман тасадаларшкахь. РИА "Новости" дийцарехь, тIемалой Iамо нохчаша Алеппохь кхоьллина тIеман база.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG