ТIекхочийла долу линкаш

Москох кхело юхатоьхна Навальныйн латкъам


Москох кхел реза ца хилла цу гIалин мэран харжамаш харц бан. Цу кепара цо юхатоьхна цу харжамашкахь дакъалаьцначу Навальный Алексейн латкъам. Цо дуьйцург бух боцуш карийна суьдхошна. Карарчу хенахь Москох мэр волчу Собянин Сергейца и дарж къовсуш хиллачу Навальныйна хетарехь, кхаж тосуш дуккха а кхачамбацарш хиллера.

Царах коьртаниш хетара цунна гIалан бюджетеро ахча а дойуш, пенсионерашна кхачанан сурсаташ декъар а, муниципалан газеташа Собянин Сергейна озабезам бар а.

Кху беттан 8-чу дийнахь хиллачу Москох мэран харжамашкахь, 51, 37 процент кхаьжнаш а гул деш, толам баьккхина Собянин Сергейс. ШолагIчу меттехь ву 27,24 процент кхаьжаш гулдина волу оппозицин лидер Навальный Алексей.
XS
SM
MD
LG