ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хала ду толам баккха... нохчо хилча


Оьрсийн телевизионехь "Голос" къийсамехь йиш локхуш ву Умханов Шарип, 2013
Оьрсийн телевизионехь "Голос" къийсамехь йиш локхуш ву Умханов Шарип, 2013

Оьрсийчохь дIахьучу «Голос» къийсамехь дакъа лоцучу Умханов Шарипан дахарехь, мел лаххара а, баккхий хийцамаш буьйлабелла. Москох-гIалахь, оьрсийн хьалхарчу телевизионехь дIахьучу Голос къийсаме го баьккхина кхаьчна иза.

Ши шо хьалха Маршо радионо дийцинера цунах а, цуьнан тамашийна хазачу озах а лаьцна.

Султанов Ахьмад: Умханов Шарип, Нохчийчохь дукха дика воьвзуш иллиалархо вацара, и «Голос» цIе йолчу программехь гучуваллалца.Амма, кхоллараллехь болх бечу, къаьстина эстрадехь болчарна, хууш дара, Украинехь чIогIа хаза а, дика а аз долуш цхьа нохчийн кIант вуйла.


Нохчийчоь - Умханов Шарип Соьлж-гIалара кеманийн портехь, 09Ман2012
Нохчийчоь - Умханов Шарип Соьлж-гIалара кеманийн портехь, 09Ман2012
Суна сайна а, доьххьара цуьнгара интервью эцале иза воьвзира, Соьлжа-гIалахь караоке-бар чохь. Микрорайонехь, «Грозный-сити»олучу самукъдаккхаран центрехь дара иза. Дуккха а наха, хуучара а, луучара а эшарш локхуш йоккха гIовгIа яра оцу сарахь цу чохь. Кхечу метте даха деза вай,тхайн хьешашцаний, тхо гIовтта тохаделлачу хенахь, цхьана кIанта микрофон схьа а эцна, йиш лакха йолийра. Локхуш яра, йоьвзучу«Скорпионз» тобан йиш.








Мукъамаш буьйлабелла, аз озошшехь, чуьра нах дIатийра. Цо эшар локхучу хенахь мотталора, цуьнана аз хIинца, хIинца хедара ду, амма, кхиъ-кхиъ лаккхара тIегIа оьцуш, лекхира цо. Цхьа жимма а музыкаца бала болчуьнна къаьсташ дара, оцу кIента аз, барам боцуш аьлча нийса хира дац, цуьнан диапазон дукха йоккха юьйла. Шиъ-кхоъ йиша лекхира цо, оцу сарахь. Цул тIаьхь, микрофон цхьанна а стага кара ца ийцира. ТIаккха кхийтира со, караоке-барашкахь, боьвзучу йишлакхархошка, эшарш хIунда ца локхуьйту. Нахана, эхь хета, цул тIехь, лакха. Оцу сарахь цо дIааьллачу эшаршна юккъахь яра хIинца оцу проектехь цуьнан хьехархо волчу Градский Александра дIаолуш йолу «Как молоды мы были».

Линкана тIе

Ала догIу и эшар мьулха-муьлху а лакхархочуьнга дIаалалуш яц. Оьрсийчоьнана эстрадехь иза дIааьллчарах ву, масла дуьлненехь воьвзуш волу бас Хворостовский Дмитрий. Амма, оцу эшаран уггаре а лекха нота цо а ца олу. Ткъа, Шарипа, ловзадо шен аз, ма луу, цуьнан таро мел ю.

Маршо радио: Романашкахь, киношкахь а дуьйцу, ша вовзийта гIерташ, йишлакхархочо мел когаш бетта. Цхьаммо тоьттуш, гIортор еш ца хилча, уьйр-зIенаш йоцуш, шоу-бизнесе ца кхачало, цIеххьана ирсо ирх ца кхоссахь. Умханов Шарип цIеропшта тIехь вевзичхьана дуьйна, цуьнца доттагIалла лелош ву Хасиев Лоьма. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цо дийцира, Шарипа юх-юха а Москоха бина хиллачу некъах а, ирсан тIам лаца гIертарх а.

Хасиев Лоьма

Шарип оьрсийн телевизионан хьалхарчу каналехь хезначу нохчийн, юьхьанцара, дог айаделлера шен махкахочух. Массарна а хаьа, къомах нохчий хилча, къаьсттина Оьрсийчохь, толаме кхачар эзарза чолхе долуш хилар. Тидам бира, композеро Градский Александра «хьо стенгара ву?» аьлла деллачу хаттарна жоп луш, шен эвла а, республика а хьахийначул тIаьхьа, цо «Россия» аьлла дош тIетохарна. Гуттар чехон Iеминчу нохчийн дакъазалла лору иза, Европехь тхов-кIело карийна ехачу, кардиолог лоьро Фатимас.

Линкана тIе

Нохчийн мукъамийн радион директорна Джанхоев Абуна хетарехь, кхин цхьа йишлакхархо ву нохчашна юкъахь, ишта хаза аз долуш.

Линкана тIе

Аюбов Мусана дуьххьара Украинехь гина Умханов Шарип.

Линкана тIе

Аюбов тешна ву, Умханов Шарипана Нохчийчохь болх-некъ карорг хиларх. Амма, Москох кхаччалц некъ бичий бен хIунда ца вевзина оццул хаза аз долу жимастаг, бохучу хаттарна дала жоп цхьанне а ца хилира. ТIемаш бу бехке? Я, цхьа нохчо, вала а волуш, вукху нохчочунна реза ца хилар? Я, Москохо туху доза ду, нохчашна юкъара бовла магочу, похIма долчу нахана? Цундела-м ца ваханера те, Соьлж-гIалахь кхин дан амал ца хилла, дегабаам бина хилла йишлакхархо Магомаев Муслим Азербайджане? Велла дIаваллалц, азербайджанхо ву ша бехира цо. Веллачул тIаьхьа, азербайджанхоша цуьнан доккха сий деш, дозаллица дIа а воьллира. Дуьненахь а сий-ларам хир болу нах дукха ца хуьлу. Амма и тайпа стаг шен ву ала лаьа муьлххачу а къомана.

Программехь хазийтина Умхановс локху эшарш:


Линкана тIе


Линкана тIе




Линкана тIе


Линкана тIе
XS
SM
MD
LG