ТIекхочийла долу линкаш

Пакистано дIахецна ОвхIанистанерчу тIалибийн лидер


Пакистанан Iедалша дIахецна ОвхIанистанерчу тIалибийн лидер Барадар Iабдул-ГIани. Цунах лаьцна хаам бина France-Press агенталло. Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министралло ПIераскан дийнахь дIахьедар динера Барадар дIахецаро аттача йоккхур ю ОвхIанистанехь дIахьош йолу тIалибашца маслаIат лахаран процесс аьлла.


ОвхIанистанан Iедалша и стаг дIахецахьара бохуш доьху дуккха а хан яра, цо накъосталла дан мегара тIалибашца маьрша дийцарш дIахьуш аьлла хеташ. Барадар лаьцнера Пакистанан Iедалша 2010-чу шарахь Карачехь, Iамеркан коьртачу талламан урхаллан белхахошца цхьаьна дIаяьхьначу операцехь. Цу хенахь иза шолгIа стаг лоруш вара ОвхIанистанерчу тIалибийн иерархехь
XS
SM
MD
LG