ТIекхочийла долу линкаш

Иванов: Оьрсийчоьно хийца мега шена Шеман режимах хетарг


Шемахь хуьлучух лаьцна шена хетарг хийца мега Оьрсийчоьно, нагахь Шеман президент Асад Башар хьарам луьйш хилар шена гучудалахь. Цунах лаьцна Стокгольмехь Лондонан дуьненаюкъарчу институтан конференцехь вистхуьлуш дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочо Иванов Сергейс.

Шемара хьал муьлххачу а агIор дерзахь а, шаьш къобул дийриг и проблема дипломатийн некъашца кхочуш яр ду, бохуш вара иза. Иванов Сергейс дийцарехь, гергарчу цхьана кIиранах хуур ду Шемахь дIаьвше герз мичахь латтош ду.

Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а бертаца а догIуш, Шеман Iедалша дуьненаюкъаралле дIаелла шен дIаьвше герзах лаьцна йолу информаци. Цуьнах лаьцна хаам бина Франс-пресс агенталло. Карарчу хенахь и документаш доьшуш бу ХIаагехь туп тоьхначу дIаьвше герз дехкарехула йолчу организацин эксперташ.
XS
SM
MD
LG