ТIекхочийла долу линкаш

Паспорта тIе яздан дезий къам?


Оьрсийчоьнан вахархочун паспорт

Оьрсийчоьнан вахархочун паспорт




Оьрсийчохь кест-кеста гΙотту, паспорташ тΙехь къам яздина хила деза боху хаттар.

Цхьаболучарна хетарехь, карарчу хенахь лелачу паспорто къам билгалдоккхуш дацаро бесаза хоьтуьйту Оьрсийчуьра вахархо.

Кхечарна хетарехь, къам билгаладаккха деза паспорта тΙехь, цо къоман хатΙ шеца кхаба аьтто ло стагана.

Маршо Радионо шен рогIера хаттар дузу оцу теманца. Шуна муха хетта, хила догΙий Оьрсийчоьнан вахархочун паспорта тΙехь стеган къам билгалдаьккхина? Стенна оьшу иза?

Телефон тоха Маршо радиога я СМС хабар даийта хIокху номерна тIе.
Нохчийчура тухуш номер ишта хир ю: 10 42 07 24 01 98 32

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: 8 92 62 36 04 65.

Хаттаран хьокъехь коммент йита тхан сайта тIехь: www.radiomarsho.com

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG