ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашингтон ТехΙеранца къамел дан кечлуш ю



ТΙаххьарчу 6 шарахь хилла а доцчу бертан дийцаршна кечлуш ю Ιамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а, ГΙажарийчоь а. Нью-Йоркехь еарийн дийнахь хуьлучу Ингалсенан, Китайн, Францин, Германин, Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министрийн кхеташонехь Ιамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон лерина ву гΙажаройн коллегаца Зариф Джавадца цхьаьнакхета.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин хΙусамехь кхеташонан декъашхоша йийцаре йийр ю ГΙажарийчоьнан зарратан программах а, оцу махкана тоьхна лаьттачу эмбаргоно дечу зенах а лаьцна.

Вашингтоно лечкъа ца до шина пачхьалкхан президенташ кестта вовшахкхета тарлуш хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG