ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь: Шема харц елахь, цунна таΙзар дан деза



Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министралло дΙахьедина, нагахь санна Шемано шеца химех лаьцна бина барт талхабахь, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн резолюцина тΙе а тевжаш, мехкийн аьтто хир бу цунна тΙеман ницкъ дуьхьалбаккха, аьлла.

И къамел динчу дипломатин хьукматан ден гΙовса Рябков Сергейс элира, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин декъашхошна цхьа некъ билгалбала мега кху кΙиранах, аьлла.

Кххарий дийнахь химин эксперташ бу Демаьшка кхача безаш, аьлла хаам а бина цо. Экспертийн тобано толлур ду Шемин шахьарахь бутт хьалха цхьана дийнахь 1400 стаг вийна герз химин дара я дацара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG