ТIекхочийла долу линкаш

«Гринписхошна» набахте кечъеш ю Оьрсийчоь



Лецна болу «Гринписан» жигархой «пираташ» олу х1орда тΙера гΙера яц, амма цара дуьненаюкъара низам талхийна, шаьш «Газпром»-корпорацин мехкдаьттадаккхархойх Арктика Ιалашйо а бохуш, дΙахьедина президента Путин Владимира.

Мурманскана гергахь, хΙорда тΙехь лаьцначу 30 жил-Ιалам лардархошна дуьхьал бехк-такхам айбина ши де-буьйса яьлча деш ду и къамел. КΙира кхоччуш лаьтта оьрсаша «гринписхой» совцийна. Кхело уьш бакъ ца бахь, 15 шерашка кхоччуш хенаш тоха тарло царна.

ХΙинца Путина «пираталла» бакъоларъярхошна тΙера дΙадоккхуш хилча, оьрсийн талламчаша царна тΙебаьхьна бехк а хийцаре догдоху демократин охΙланаша.
XS
SM
MD
LG