ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ιамеркан радио емалйо Бакох



Хаамийн гΙирсашна тΙехьожуш волчу Азербайджанан Харжамийн комиссин стоьладас Тагиев Азера кхаарий дийнахь «Маршо Радио» а, «Ιамеркан Аз» а, ВВС-агенталла а бехке йина, цара Азербайджанан низам талхадо харжамашна юкъагΙертарца, аьлла. Президентан харжамаш бу тΙебогΙучу беттан 9-чу дийнахь хуьлуш.

«Хьехаечу хаамийн хьостанаша Ιорайоху Азербайджанехь харжамашца доьзна лела харцонаш» - ду Маршо Радион азербайджанхойн сервисан директора Алиев Кенана делла жоп. Цунна хетарехь, Бакох журналисташ кхеро гΙерта, йозуш цаьрга Ιедалан гΙалаташ цадийцийтархьама. Маршо Радионо Азербайджанехь хила ма-доггΙу нийса а, профессионалехь а бо шен болх, боху Алиев Кенана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG