ТIекхочийла долу линкаш

ГIажаройн зарратан программа йийцаре йо Нью-Йоркехь



Еарий дийнахь Нью-Йоркерчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин хΙусамехь къамел хилла ГΙажарийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министран Зариф Джаваданний, Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран Керри Джонанний ТехΙеранан зарратан программах лаьцна.

Иштта, цхьанакхетарехь дакъалаьцна Ингалсан а, Францин а, Оьрсийчоьнан а, Китайн а, Германин а дипломаташа. Пхеа-ялх баттахь гΙажарошца Европан а, Ιамеркан а болу цакхетамаш дΙабовларе шаьш сатуьйсийла хаийтира къамелан декъашхоша. Кестта Ιамеркан а, ГΙажаройчоьнан а президенташна барт меттахΙотто аьтто беш нисделла Нью-Йоркера къамелаш.

Зариф Джавада бахарехь, гΙажаройн лидер аятолла ХΙаменаи Ιела кийча ву зарратах пайдаэцарх долу дийцарш массаарна а пайда бохьуш дерзон.
XS
SM
MD
LG