ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асада ша хIуманна а бехке вац боху



Шемин президента ал-Асад Башара, ша дуьнено бохучунна реза хиллехь а, дΙа ца баьлла боху Ιамерко шен махкана цигара химин герз хΙаллакдеш хΙаваэхула тохарш дан тарлуш лаьтта кхерам. Иза цо элира, шен пачхьалкх реза ю шегара химин герзаш дуьненан тергоне дахка аьлла, Венесуэлин телевизионна интервью луш.

«Цхьана агресси тΙера кхечу агресси тΙе а йолуш еха Цхьаьнатоьхна Штаташ», бохура ал-Асада, Корейрчу, Вьетнамерчу, Либанерчу, Сомалерчу, ОвхΙанистанерчу, Иракъерчу конфликташна Ιамерка юкъайийлина хилар дагалоцуш, «хΙинца химин герз дуьйцу, юха болехь кхин цхьаъ дуьйцур ду», - аьлла тΙе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG