ТIекхочийла долу линкаш

«Гринпис» йиса тарло оьрсийн набахтехь



Оьрсийчохь Мурманскан кхело бехк-таламаш боьлхуш нах чохь кхобучу набахтехь шина баттахь латтон магийна дуьненаюкъарчу Ιалам Ιалашдаран «Гринпис» юкъараллера 6 стаг. Уьш бу Оьрсийчуьра, Полшера, Ингалсера, Канадера, Керлачу Зеландера. Царна а, церан кхечу 24 накъостна а бехке до уьш шайн хΙорда кеман тΙера Мурманскана гергарчу, хΙорда чуьра мехкдаьтта доккхучу «Газпроман» гΙепаста тΙебовла гΙиртина хилар. Дозанийн бакъо талхийна аьлла, «Гринписхошна» лаккхара хенаш тоха кечамаш беш ду оьрсийн Ιедал.
XS
SM
MD
LG