ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МАГАТЭ реза ю ТехΙеранна



Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу зарратан энергин агенталло (МАГАТЭ) хаам бина, пΙераскан дийнахь шен эвсаре, доккха маьΙна долуш дийцарш хилла зарратах пайдаэцарца доьзна проблемаш йолчу ГΙажарийчоьнца, аьлла. Оцу агенталлин гΙанден гΙовса Накаэртс Германа бахарехь, ТехΙеранца агенталлан къамелаш хир ду нийсса бут баьлча а.

Къамел «вуно конструктивехь» хилла алар доцург, кхин хΙума ца хаийтина Накаэртса. Ткъа ГΙажарийчоьнан векала Нажафи Резас цхьанакхетаран Ιалашо яра сихха барт карон, элира журналисташка.

Ша зарратан бомба кхолла гΙерта аьлла, шеца Малхбузе ийгΙинчу ТехΙерано иза бакъ дац, шена дахаран хьелаш деборхьама бен оьшуш дац заррат зер олу даима а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG