ТIекхочийла долу линкаш

Хьалхара ХIавелан цIарах совгIат делла Беларусерчу бакъонашларъярхочунна


«Адамийн бакъонаш ларъярна» олу ХIавел Вацлаван цIарах долу хьалхара совгIат делла политика бахьана долуш набахтехь латтош волчу Беларусерчу бакъонашларъярхочунна Беляцкий Алесана. Цу кепара билгалбаьккхина Беларусехь адамийн бакъонаш ларйеш цо бина болх. Цуьнах лаьцна дIакхайкхийна Оршотан дийнахь Страсбургехь.

И совгIат дIалур ду Белорусерчу жигархочуьнан хIусамнене Пинчук Наталье. Лауреатана лур ду 60 эзар евро. «Весна» цIе йолчу адамийн бакъонаш ларйон юкъараллан куьйгалхо Беляцкий Алесь, 4 шо хан а тоьхна, чувоьллира Белорусин Iедалша, пачхьалкхана ял ца елла аьлла. Беляцкийн агIончашна хетарехь, и сацам политикан бух болуш бу.

ХIавел Вацлаван цIарах долу совгIат кхоьллина кху шеран Зазадоккху-беттахь ПАСЕ-но а, ПрахIехь йолчу ХIавел Вацлаван цIарахчу библиотеко а, Чехословакин хилла волчу тIеххьарчу президентан а, йозуш йоцучу Чехин хьалхарчу президентан а сийна лерина. ХIавел Вацлав велла 2011-чу шарахь ГIуран-баттахь.
XS
SM
MD
LG