ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦхьамогIа реформаш кхайкхийна Туркойчохь


Адамийн бакъонаш ларъярехь цхьамогIа низамаш тIеэца дагахь ду шаьш аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан премьер-министро ЭрдохIан Реджепа. Хонкарахь хиллачу зорбан конференцехь Эрдогана элира, махкахь бакъо лур ю туркойн боцучу меттанашкахь дешийта аьлла.

Туркойн Iедал дагахь ду парламентехь хила муьлххачу а партино гулдан дезачу кхаьжнийн терахь лахдан, я дIадаккха. Карарчу хенахь парламенте харжа политикан партеша гулдан деза 10 сов процент харжамхойн кхаьжнаш.

Иштта ЭрдохIана дIакхайкхийна, пачхьалкхан урхаллашкахь болх бечу зударшна йовлакх лелор дехкар дIадоккхур ду шаьш аьлла. Иза хьакхалур дац юридикан органашкахь а, тIеман урхаллашкахь а болх бечу зударех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG