ТIекхочийла долу линкаш

Антитеррорах ловзаро Iадийнера Соьлж-ГIала


Деношкахь, Соьлж-ГIалин юкъ а егош, массех эккхийтар дира. «Террорхой» бара шайтанан туьтмIаьжигашкахь, «шахIидан» доьхка гIодаюкъах а дихкина, цхьа хаза йоI Iуьллура цхьаьнхьа, цунна юьстах кхин цхьаъ. «Кхунах ца олу джихIад» йоза тIеяздина у лаьцна лаьттара жима стаг. …Са а хаьдда, боьлура лелхаршна юкъанисбелларш. Флешмоб яра террор а, террорхой а емал беш, «Ахьмад» шех олучу кегийрхойн юъаралло дIахьош. ТIеман ирча дагалецамаш самабехира ловзаро. Берашна дела хIума даьллехь а, бахархой кхаьрдара: - «Ма самукъне хIума а карийна кхарна! …ЧIогIа дукха хан а яьллера ишттаниг хиланза!», - бохуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG