ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Националистийн хьалханча лаца пурба делла кхело Москох


Москох Кузминьки кIоштан кхело пурба делла «Москохан турс» цIе йолчу националистийн тобан куьйгалхо Худяков Алексей дIалаца. Иза набахти чувоьллина шина баттана. Баханчу беттан 27-чу дийнахь националисташ чулилхинера Москох Капотна кIоштахь йолчу коьртачу декъана кхечу пачхьалкхашкара баьхкина белхалой бехачу хIусамна, церан регистраци ю-яц къастор ду шаьш аьлла.

И бахьана долуш, травматикан герзаш а детташ, тасадалар хиллера цигахь бехачу нахана а, националисташна а юкъахь. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, лазийна ю цхьа жима зуда. Леттарш дIасабаха баьхкинчу полицин белхахоша лецира 60 стаг. Амма тIаьхьо 4 стаг воцург уьш берш а дIахийцира полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG